На портале: www.proffi95.ru сотрудников: 276     обучающихся: 30    
ГлавнаяНовостиРегиональный этнографический диктант

Региональный этнографический диктант

271 просмотр
0 комментариев

2019 - чу шеран чиллан беттан 28-чу дийнахь Соьлжа- г1алин хьехархойн колледжехь д1аяьхьира нохчийн г1арваьллачу яздархочун Мамакаев 1аьрбин дахарх а, кхоллараллех а лаьцна " Сан дог, хьо деттало къахьоьгуш халкъана" ц1е йолу региональни этнографически диктант. 
 Иза язъяран коьртачу 1алашонех яра вайн республикин бахархойн нохчийн маттах долу хаарш билгалдахар.                 Диктант язъярехь жигара дакъалецира Соьлжа-г1алин хьехархойн колледжо а. И г1уллакх кхочушдар лаккхарчу т1ег1ан  т1ехь хилийтархьама, кхиамца къахьийгира колледжан кегийрхой кхетош-кхиоран декъан директоран заместитело Умханова Роза Берсаевнас а, белхалоша  а. Диктант язйира кхузткъа сов декъахочо: студенташа а, хьехархоша а.                                     Шен къоман литературни мотт кхиорехь дакъалаьцначех цхьаъ вара Мамакаев 1аьрби.  Вайн ненан мотт ларбан а, 1амо а, кхио а кегирхойн лаам кхуллур болуш, мехала болх бара Нохчийн Республикан дешаран а 1илманан а Министерство д1абаьхьнарг.                                    ДАЛА т1аьхье беркате йойла!

Региональный этнографический диктант
Директор
Хататаева Марет Байалиевна
 

Почтовый адрес учреждения:

364068, Чеченская Республика, 

г. Грозный, ул. Ляпидевского, 9

График работы: c 9:00 до 17:00, 

суббота с 9:00 до 14:00,

воскресенье выходной

 

Контактные данные
Телефон: 8(8712) 21-20-81
Электронная почта: grozny_pk@mail.ru
Страница в instagram: grozny_pk