На портале: www.proffi95.ru сотрудников: 276     обучающихся: 30    
ГлавнаяНовостиНОХЧИЙН МОТТ - КЪОМАН СА!

НОХЧИЙН МОТТ - КЪОМАН СА!

179 просмотров
0 комментариев

         НОХЧИЙН МОТТ - КЪОМАН СА! Нохчийн меттан Денна лерина к1ира дерзоран мероприяти д1аяьхьира тахана Соьлжа- г1алин хьехархойн колледжехь. Дерриге а къоман дезде ду 25- г1а апрель! Мотт ца хилча , къам цахилар а, къоман йоза ца хилча меттан орам цахилар а билгалдеш, ненан маттах хаамаш бира мероприяти д1ахьочу дешархоша. Студенташа йийшира нохчийн поэтийн ненан мотт , нохчийн къам , Даймохк а хестош , язйина байташ, лийкхира эшарш а, иллеш а. Къоман т1аьхье дика хилийта, т1екхуьучу т1аьхьенийн кхетам лакхара хилийта, ненан мотт кхиорехь а, цуьнга марзо кхолларехь къахьега дезарш къаьсттина хьехархой хилар а билгалдира. Мероприяти ерзош, дагалецира г1арваьллачу нохчийн яздархочун ненан маттах аьлла дешнаш :ЛАРБЕ МОТТ, ХАЗБЕ И, ЦА ЕШ МАЛО. Т1АККХА, ХЬАЙН ВЕСЕТ ДЕШ, К1АНТЕ Д1АЛО".